ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн бакъонаш шоръян дагахь бу Оьрсийчохь


Полисхойн бакъонаш а, декхарш а къасточу низамехь хийцамаш кечбина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло (МВД). Доккхачу декъанна, МВД-н белхахошна маго дагахь бу уьш бахархойх талламбан, нагахь цара къола дина аьлла, шеконаш елахь.

Ишта ницкъахошна бакъо юьтур ю, цара бохьу мохь талла а.

Полисхошна магон деза нах бехачу хIусамаш чу баха, цу чохь хьулбелла зуламхой схьалеца, хьоьху низаман проектан авторша.

Бахархой Iалашбархьама, полисхошна бакъо йитар хьоьху, машенаш яста, нагахь цу чохь болчу нахера кхерам бу аьлла шеко елахь.

Карарчу хенахь полисхойн карахь ду, нагахь цхьангахь герз, патармаш, оьккхуьйтург, наркотикаш хаалахь, хьовсар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG