ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна хууш дара ГасангусейновгIеран ши кIант верах аьлла журналисто Шевченкос


Журналист Шевченко Максим
Журналист Шевченко Максим

Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан (СПЧ) хиллачу декъашхочо, журналисто Шевченко Максима дIахьедарца, еаридийнахь йоьдучу Оьрсийчоьнан президентан пресс-конференцехь байинчу ГасангусейновгIеран вежарех шена дуьххьара хеза Путина алар бакъ дац.

"Цхьана шарахь гIуллакх ца доьллура талламчаша. Дийцира цунах Дагестанан куьйгалхочуьнга Васильев Владимире а, СПЧ-н кхеташонашкахь а, гоьбевллачу буьйранчашка а, - багарбо журналисто "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь. – Путине дийцинера цунах лаьцна СПЧ-н белхахошца хиллачу цхьанакхетарехь, Къилбаседа Кавказан мехкашкарчу хьолах лаьцна рапортехь а яздира, ткъа цо шена ца хаьара боху. И тамашийна хIума ду!"

Ши кIант вийначу кхолгIачу дийнахь веара ша боху Шевченкос Дагестанерчу Гоор-ХIиндах эвла шина кIентан дега кадамбан.

Дагестанан пачхьалкхан телерадиокомпанин корреспонденто Еськина Еленас хIора шарахь хIотточу Путинан пресс-конференцехь айдира байинчу ГасангусейновгIарех хаттар.

Шена хезна дацара цунах лаьцна, амма кхи дIа и гIуллакх тергоне а эцна, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна тIедуьллур ду ша аьлла, тIелаьцна Путин Владимира.

2016-чу шеран аьхка дIахьочу леринчу операцехь вийра Гасангусейнов Наби а, Гасангусейн а. ТIемалой бара уьш аьлла, зулам къайладахьа гIоьртира ницкъахой, амма юкъаралла ца тийшира цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG