ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Машенахь чехка лелар сан нийсархойн амалан башхалла ю"


Кху тIаьхьарчу шина-кхаа кIиранах, маситта стаг а вуьйш, дуккха а нах лаза а беш, цхьамогIа некъахьовзам хилла Нохчийчохь. ДIоггара гIоле хьал дац цу хаттарехь луларчу Дагестанехь. Кавказ.Реалиино яздарехь, адамаш а дойуш некъахьовзам хиларх лаьцна хаамаш гучубуьйлу цу республикехь хIора денна аьлча санна.

Иштта ГIура-беттан 17-чу дийнахь Гурбуки эвлара Курма юьрта боьдучу некъа тIехь хаьрцира Газель олу жима автобус. И бахьана долуш велла кхо стаг, 10 некъахо, шайна юкъахь бераш а долуш, лазийна ву.

2018-гIа шо доладелчхьана Дагестанехь хиллачу 1585 некъахьовзамехь дийна 329 адам, царах 30 бер ду, лазийна ву 2426 стаг. И терахьаш далийначу Дагестанан некъан полицин урхаллан куьйгалхочо Шалагин Александара дийцарехь, некъахьовзамаш хиларан коьрта бахьанаш ду машенаш чехка хехкар а, дуьхьалйогӀучу машенан агIо лацар а.

Некъашца бохамаш хиларан кхин цхьа бахьана ду уьш доьхна хилар, бохуш вара ГИБДД-н хьаькам. Цо дийцарехь, некъахьовзамашкахь адамаш даларан а, заьIап дисаран а кхин цхьа бахьана ду кхерамазаллан доьхка дIа ца тасар. ТIехула тIе машенна урхалла дан хууш боцучу нахана кехаташ далар а даьржина ду республикехь.

30 сов шо ду Каспийск гIалахь вехачу Iабдулмуталиба машен лело. Машенна урхалла деш кегийрхоша лелочух эргIадволу ша боху цо. Iабдулмуталиба дийцарехь, 80 процент машенлелорхоша ца лардо некъан низамаш. Царах ду машенна дуьхьал хахкар, машен дIаерзош чиркх ца латор, хьалха йоьдучу машенна юкъахь меттиг ца йитар, машенна урхалла деш карахь телефон лелор.

ХIинжа-ГIалара вахархо Амиргамзаев Наджибулла ву Iабдулмуталиба буьйцучу кегийрхойх цхьаъ. Машен чехка хахкар а, тIалам боцуш хьалха вала гIертар а шен нийсархойн амалан башхалла ю боху цо.

"Кхета хала ду чехка хаьхкина дуьхьал йогIучу машенан новкъа эккхар хIунда леладо. Са аьрта болуш кхетам хилар хир ду-кх иза", - боху жимачу стага.

Амиргамзаевс билгалдоккху шена беза-бевзарш дукха тийна а, тайна а лелаш хилар республикера арабевлча. Низам дохорна тухучу гIуданан барам алсамбаккхаро гIо дийр ду некъашкахь лаьтта хьал нисдан бохучух тешна а ву иза.

"10 шо хьалха 10-20 туьма гIуда тоьхча, башхалла а ца хетар суна. Ткъа хIинца 150-200 туьма гIуда тухуш меттиг еъча ойла ян волало хьо, хIунда дохадо ас низам, ларлуш, коьртачу декъана кхерам боцуш, машен лелалуш хилча", - боху Амиргамзаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG