ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамашкахь ца лелла полисхой Москох нохчий дIалоьцучу хенахь аьлла Нухажиевс


Омбудсмен Нухажиев Нурди
Омбудсмен Нухажиев Нурди

Москох цхьа могIа Нохчийчуьра бахархой дIалецар низам дацар а, бакъонал тIехвалар а лерина махкарчу омбудсмено Нухажиев нурдис. Москохарчу шен коллеге орца дехна цо, дахначу кхааридийнахь Москохарчу цхьана юкъарчуIойлехь хилла инцидент бахьана долуш.

"Талла деза, ярий полисхошкахь информаци, оцу хIусамашкахь лечкъина зуламхой бу аьлла а, уьш зуламашна бехкебу аьлла тоьшаллаш. Эшарий-те хан йоцчу заманчохь чу а лихина, нах гIиттон, уьш масех сохьташкахь латто, царна ницкъбан? Полисхоша низамаш а дохийна. Шайн бакъонел тIех а бевлла аьлла хета суна", - аьлла. дIахьедина Нухажиевс. Иштиа Iалашо ю бакъонашларъярхочун Москохарчу прокуроре латкъамбан а. Хиллар ма-дарра юкъахь талла а теллина, бехкенаш жоьпе озабайта лаам бу Нухажиевн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG