ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: Москох кавказхой дIалоьцуш полисхоша харцонаш лелийна


Къилбаседа Кавказан мехкашкара 100 сов вахархо Москох дIалоцучу юкъанна полисхой бакъо йоцуш чулилхина уьш бехачу хIусаме, оьшучунна лоьрийн гIо а ца кхачийна аьлла адвокато Окушко Татьянас. Кхелера, я талламхочуьнгара хIусамах хьовса кехатан бакъо хила езара церан карахь аьлла кхечу адвокато Пашков Максима а.

Маршо Радионо хааме даьккхира кху беттан 19-чохь сатосучу заманчохь Москохарчу цхьана юкъарIойле а баьхкина, полисхоша цу чуьра Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а бахархой дIабигарх. Церан суьрташ а даьхна, пIелгийн таммагIаш а эцна, цул тIаьхьа дIахецнера уьш.

Шаьш маьршабаьхначул тIаьхьа дийцинера цара, полисхоша шайца лелийначу шогаллех. Ишта шайна тIехь ницкъбарх а, лелийначу харцонах а иск чуелла цара талламан декъе.

Нагахь хIусамчу герзаца нах богIий, шаьш стенгара ду а, мича Iалашонца даьхкина а дуьйцуш дацахь, полицига телефон а тоьхна, хаамбан беза хIусаман долахочо аьлла, дIахьедар дина адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG