ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕГЭ дIаяларан низамашкахь бина хийцамаш бовзийтина дешаран министралло


Оьрсийчоьнан дешаран министраллан а, Iилманна а, дешарна а тIехь терго латточу федералан урхаллан а омраца пачхьалкхан доьшийлашкахь экзамен (ЕГЭ) дIаяларан низамаш тIечIагIдина. Экзамен дIахьонйолчу чоьнашчохь видеокамераш хIиттор ю, цаьрца аьтто хир бу информацин - телекоммуникацин "Интернет" машанехь экзаменийн трансляци ян аьлла, билгалдаьккхина министралло.

ЕГЭ-н организаторо терго латтон еза экзамен йоьдучу юкъанна дешархо классчуьра араволучу заман а, цо цигахь яьккхинчу хенан а. Ишта тидам бан беза, дешархочо кхочушбинчу белхан материалийн а.

Цул совнах, Оьрсийчохь пачхьалкхан экзаменехь тIейогIучу хенахь магийна кхечу мехкийн метта китайхойн меттан экзамен дIаяла.

Карарчу шеран 22-чу дийнахь дуьйнна лелаш хир ду хIара низам аьлла бу хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG