Туркойн эскарш Къилба Шемахь тIелатарх бина сацам дIатеттина аьлла, дIахьедина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа.
Цо бахарехь, Iамеркан президентца Трамп Доналдца ишта бартхилла цуьнан. Цхьана ханна тIеман операци дIататтарх, мацца а дIахьур ю иза бохург дац аьлла, билгалдаьккхина туркойн лидеро.
Цо бахарехь, тIелатаран Iалашо ю - цу регионерчу тобано латтон "террорхойн кхерам" дIабаккхар. Кху беттан 12-чохь Туркойчоьнан президенто дIакхайкхира кеста Шемана тIелата дагахь ду шаьш аьлла.
Ткъа дахначу оршотдийнахь "мичча хенахь а" йоло тарло шаьш операци элира ЭрдогIана.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?