Доьдучу шарахь уггар дика аьтто хиллачийн а, зенаш хиллачийн а тептар Iорадаьккхина Eorbes журнало. Аьтто хиллачийн могIарехь ву Amazon кхоьллина Безо Джефф. Кху шарахь 28 миллиард долларш тIекхетарца, 127 миллиард долларш вовшахкхетта цуьнан.
ШолгIачу меттехь ву японхойн Uniqlo бренд юкъаяьккхина Янаи Тадаси. ВорхI миллиард долларшкахь ю цунна хилла са.
Рейтинган кхолгIа могIа дIалоцу мехкадаьттан "Лукойл" компанин президенто, Оьрсийчуьра вахархочо Алекперов Вагита. 19, 5 миллиард гергга долларшкахь пайда хилла цунна карарчу шарахь.
Кхи дIа тептарехь аьтто хилла аьлла, билгалваьккхина медиамагнат Мердок Руперт а, оьрсийн "Новатэк" корпораци кхоьллинчех коьрта акционер Михельсон Леонид а.
Ткъа карарчу шарахь аьтто боьхначийн рейтингехь ву - Facebook-ан долахо Цукерберг Марк. 19 миллиард долларшкахь ду цунна хилла зен.
Zara бренд юкъаяьккхина Ортега Амансио ву шолгIачу могIарехь къастийна. 16 миллиард долларшна эшам хилла цунна доьдучу шарахь.
Немцойн Schaeffler подшипникаш ечу Шеффлер Георган 10 миллиард долларш дайна кху шарахь.