ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна хетарехь, доьдучу шарахь уггар а мехалчех хилам бу Нохчийчоьнца дозанаш къастор. Карарчу баттахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело низамашкахь лерира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша административан дозанаш билгалдохуш, тIэцна сацам.
"ДIадоьдучу шеран уггар а коьрта хилам бу иза, со тешна ву хIинццалц дуьхьал хиллачех дуккхахберш кхетта хир бу аьлла. Хан мел йолу кхетар бу кхин а дукххаъ а берш", - аьлла Евкуровс шоьтадийнахь хIоттийначу пресс-конференцехь.
Шайн политикан амбицеш хьалха а яьхна леллачу цхьаболчу наха йина провокаци яра аьлла, тешна ву Евкуров, Магасехь митингаш хIиттор.