ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохара омра кхаччалц ша дарж дуьтур дац аьлла Евкуровс


Москохара омра ма кхеччи мехкан куьйгалхочун дарж дуьтур ду ша аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Махкахой лаам бара аьлла дIаволийа дац шен аьлла, тIе а тухуш.

"Со урхалле хIоттийна ах шо даьлчхьана схьахезаш ду суна хIара хабарш. Со болх беш ву, бийр болуш а ву. Пачхьалкхан президенто тоьар ду алахь, гIант мукъадоккхур ду ас. Бакъду, тIеIаткъам барца доьзна хир дац иза, соьца лелорийг шантаж ю, я и нийса а дац", -аьлла Евкуровс шоьтадийнахь Магасехь шен хиллачу пресс-конференцехь.

Кху шеран гурахь кхоалгIачу ханна ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хаьржина Евкуров Юнус-Бек. Халкъан депутаташа кхаьжнаш теснера цунна. ХIеттахь Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а куьйгаш яздира шина регионан дозанаш билгалдохуш. Цунна дуьхьал бевллачу гIалгIаша протестан акцеш йолийра республикехь, Евкуровна дарж дитар тIе а дожош.

Кху беттан 6-чохь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело сацам тIеийцира, шина мехкан куьйгалхоша куьйгашяздар низамийн гурашкахь хилла ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG