ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров: Росгвардино вийна Хашагульгов тIемало вацара


Кху беттан 12-чохь ницкъахоша вийначу шиннах цхьаъ тIемалошца уьйрашкахь хилла вац аьлла, дIакхайкхийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, шоьтадийнахь хиллачу пресс-конференцехь.
"Соьга кхачийначу информацица, церан Iалашо хилла Ханиев лаца, дуьхьало а ца еш, карадуьйла аьлла хиллера цаьрга. Ханиевс граната кхоьсина хилла. Цу заманчохь цигахь Хашагульгов Муслим муха нисвелла хууш дац. Иза я тIемало а вацара, цхьана а тептаре язвина а вацара, полисхойн бIаьрг тIехIоьтиина а ца хиллера, цигахь иза муха нисвелла, къастош ду. Хашагульгов дика а, хьекъал долуш а кIант вара", - аьллачу Евкуровн дешнаш даладо "Интерфакс" агенталло.

Маршо Радион яздира, кху беттан 12-чохь "Ковчег" цIе йолчу йохка-эцаран туьканахь хиллачу эккхийтарх. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакхайкхийра, мила ву ца хуучу шиммо полисхошна тIе граната ластийна хилла аьлла. Ший а вира полисхоша, чевнаш хилира шина ницкъахочунна. ГIалгIайн къаноша махкахь тезет дIакхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG