Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, ша дика илли олуш хилар а, бераллехь дуьйнна иллеш алар дезаш хиларх а. "Москва 24" телеканалан "Важная персона" программехь дина цо ишта дIахьедар.
"Ас дика олу илли. Бакъдерг аьлча, рэп алар ца нисло сан. Жимчохь дуьйнна дукхадезра суна иллеш. Тахана а дагахь ду суна айса "Три танкиста", "В лесу родилась елочка" эшарш лакхар. Ишта-м дика локху ас", - аьлла, дийцина Кадыровс.
Стохка гурахь интернетехь яьржира, Кадыровс нохчийн блюз "дIаолуш".
Ишта Нохчийчоьнан куьйгалхочун лаам бу шен карьера республикан урхаллехь ерзон. Федералан министраллан коьрте а хIуттур вацара ша, я пачхьалкхан куьйгалле гIертар вацара аьлла цо. "Со цу тIегIан стаг вац",- аьлла Кадыровс.
2007-чу шарера схьа дуьйнна ву Кадыров мехкан куьйгаллехь.