ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратова: Я гIо де тхуна, я паргIат дита тхо


Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас диллина кехат яздина ОБСЕ-н цIарах. Меттигерчу хаамийн гIирсаша зорбане даьккхина иза.

"ГорхIоьттинчуьра Нохчийчоь хьалагIатта гIертачу юкъанна (тIамо йина чевнаш хIинца а ерзанза юьсу), цуьнца гома болчу наха, эхь-бехк ца лоьруш, юха а иза хоттала йолла хьийза. Ма дийца доцург, бакъонашларъярхой а, журналисташ а республикехь болх бан ца буьту бохуш. Кхузахь ца лору, эхь дайна, "со массарел а лакхара ву" бохуш, лела нах. Хатта лаьа суна центрерчу сайн коллегашка: "Цхьадолу гIуллакхаш листахьара аьлла, шайга дехар дича, хIунда Iа шу юьстах? Мичахь дара шу, Соьлжа-ГIалин юккъехь Ставрополерчу полисхоша герз тоьхна, Дадаев Джамбулат вийча? Москох адвокат Алаев Илес ирхоллавелла карийча, хIунда Iийра шу тийна? Москох вен а вийна, меженаш дIаса а яьхна Къилбаседа Кавказера кхо вахархо охьатесча, хIунда ца хазийра аш дош?

Ткъа тахана, Нохчийчоьнан вахархо Хасаев Мовсар ву Свердловскан кIоштарчу изолятор чохь латтош. Оцу регионехь хилла а воццушехь, бехкево иза цигахь стаг верна. Шуьгара гIо ма доьху цара, хIунда ца довлу шу орцах, церан бакъонаш хIунда ца йо аша Iалаш?

Тхайн проблемаш оха тхаьш ерзайо. Со тешна ю, Титиев Аюб а кхетта хир ву аьлла а хета суна, нагахь цхьаберш тарраш даьхна, нохчийн Iедална чу ца гIиртинехь, Аюбан кхоллам дикачу агIор бирзина хир бара аьлла.

Цундела, цхьа дехар дара шуьга, я гIо де тхуна, масала, Оьрсийчоьнан президентан цIарах бакъонаш Iалашъян векал йинчу Москальковас а, президентан хьехамчас Федотовс а, берийн омбудсмено Кузнецовас а, кхечу дуккхаъчара а санна, я дитийша тхо паргIат",- аьлла, яздина Саратова Хедас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG