ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошца уьйрашкахь хилла аьлла, кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна


ГIаттамхошца юкъарлонаш лелийна аьлла, бехкевинчу Нохчийчуьрчу 40 шо долчу вахархочунна дуьхьал долийна гIуллакх теллина Грозненск кIоштан кхело. Талламчийн информацица, 2012-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц гIо латтош хилла бехкевечо гIаттамхошна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш тIехь. ГIоьналла латтийна цо, дийцарехь, гIаттамхой дIасалелачу заманчохь транспорт хуьлуьйтуш а, кхача а, молханаш тIекхоьхьуш а.

Нагорное олучу эвлахь герзан хIоьънех ларвала тIамехь ен чIагIо тоян Iалашонца 2013-чу шарахь гIаттамхошна гIишлошъяран гIирс эцна, тIебаьхьна а хилла цо.

Дуьненаюкъарчу лехамашка веллера иза. Цул тIаьхьа кхечу пачхьалкхехь дIалаьцна, кху шеран Дечкен-баттахь Оьрсийчоьне схьавеллера.

Грозненск кIоштарчу кхело набахтехь даккха 5 шо хан кхайкхийна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG