ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индонезехь цунами гIаьттина велла 222 стаг, лазийна 800


Индонезехь цунами иккхина, тIаьххьарчу хаамшца, велла мел лахара а 222 стаг. ТIепаза вайна лоруш ву 30 гергга вахархо. 800 чевнаш йина, хаамбина меттигерчу орцан министралло. Мохкбегийна, Суматра а, Ява а гIайрийн хийистошна тIехьаьдда цунамин тулгIенаш, чIагIдо говзанчаша. Зенаш хилла туристийн кIошташкахь а.

Оцу заманчохь пляжехь концерт луш хиллачу Seventeen музыкан тобан масех декъашо а велла. Белларш кхин а дукха хиларна саготта бу Iедалхой, орцанхой хIинца а тIекхаьчна бац зен хиллачу дуккхаъчу кIошташна.

Гезгамашин - баттахь Индонезехь мохбегийна, Сулавеси гIайри йистехь гIаьттинчу цунамис вийра 2500 стаг. Гинчара дийцарехь, ялх метар лакхаяьллера цунамино гIаттийна тулгIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG