ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара кема лелар ду Джидде


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Соьлж-ГIалара Джидде кема лелийтарх лаьцна хаттар дийцаре дина Нохчийчоьнан Iедалан декъашхоша а, СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан векалша а.

Цуьнах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шина а агIоно лаам гайтира Соьлж-ГIалана а, Джиддана а юкъахь кеман рейс схьаеллар хьокъехь, аьлла яздина Кадыровс "ВКонтакте".

Цо дийцарехь, паччахьан цӀийнан администрацин хьехамча, принц СаIуд Турки коьртехь волу делегаци еанера Нохчийчу кIиранан дийнахь, СаIудийн паччахь хир волчу принца СаIуд Мохьммада дина омра кхочуш деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG