ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президент я министр хила лууш вац Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Оьрсийчоьнан президент хIотта я федералан урхаллан куьйгалхо хила план яц шен аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан Iедалехь ур-атталла уггаре гIийла федералан урхаллана куьйгалла дан тIегIанера стаг вац ша, аьлла цо "Москва 24" телеканалан эфирехь.

Шен карьера регионан куьйгалхочуьнан даржехь дIаерзо лууш ву ша, боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыров Рамзан Нохчийн Республикана коьртехь ву 2007-чу шарахь дуьйна. Парламенто юха а цу даржехь тIечIагIвира иза 2011-чу шарахь а, 98% кхаьжнаш а гулдеш, 2016-чу шарахь республикехь харжамаш хиллачул тIаьхьа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG