ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополан мехкайистехь 3 стаг вийна Нохчийчуьрчу вахархочо дакъалоцуш хиллачу некъахьовзамехь 


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Бохам хилла «Астрахань-Элиста-Ставрополь» некъа тIехь дIадаханчу шотдийнахь. Болчу хаамца, «ВАЗ-21104» машен дуьхьалтоьхна «Мерседес» микроавтобусна. И бахьана долуш, Жигули чохь хилла 3 стаг циггахь вийна. Уьш берш некъахой бу. Кхин цхьа некъахо а, ВАЗ машенна урхалла деш хилла стаг а дIакхачийна дарбанан хIусаме.

«Мерседесан» машенлелорхо, Нохчийчуьра вахархо ца лазош кIелхьарваьлла. Некъахьовзам хуьлуш микроавтобусна чохь некъахой ца хилла.

Ставрополан мехкайистан некъан полицино къастош ду хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG