ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талор динчу нохчийн гIуллакх кхеле хьажийна Челябинскан кIоштахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Челябинскан кIоштарчу Копейскехь суьде хьажийна Нохчийчуьрчу 4 талорхочунна дуьхьал толлуш хилла бехктакхаман гIуллакх. Уьш бехке беш бу меттигерчу вахархочуьнгара машен яккхарна.

Талламхоша дийцарехь, герзаца хиллачу веа стаганна Чиллан-беттан 2-чохь ларамаза хезна хилла шен «Ниссан Либерти» машен йохка гIерташ волчу стага телефонехула къамел деш. Цунна тIе а бахана, машен эца лууш дара шаьш, муха йоьду хьажийта аьлла, юьстахваьккхина цара иза.

Челябинскан кIоштан прокуроран гIоьнчо Мамаева Натальяс бинчу хааца, машенан долахочунна, тапча а, урс а гойтуш, кхерамаш а тесна, дIайигина талорхоша 249 эзар сом мах болу машен. ТIаьхьо иза дIайоьхкина цара.

И талор дарна 4 зуламхо чуволла мегаш ву, хIоранна 15 шаре кхаччалц хенаш а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG