ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь лецна гIалгIай дIахецар доьхуш митингаш вовшахтоьхна Парижехь, Венехь, Стокголмехь а


Швеци. Нохчийн митинг. 12ГIур2018.
Швеци. Нохчийн митинг. 12ГIур2018.

Парижехь а, Венехь а, Стокголмехь а Мисаран векалаллашна хьалха митингаш вовшахтоьхна вайн наха, цу мехкан Iедалша лаьцна волу ГIалгIайчуьра 5 студент дIахецар доьхуш.

КъахIире деша бахана гIалгIайн кегийрхой лецна латтош бу дIабаханчу баттахь дуьйна. ХIетахь дуьйнна уьш болу меттиг къайлаяьхьна ю аьлла, хаам бинера "Кавказский узеле" цу студентех цхьаьнан йишас. Студентийн кхоллам къасто Мисара бахана бу гергарнаш.

Хьалхо Мисарахь лецна латтийна, маьршабаьхначу кегийчу наха дийцина хиллера, шаьш а, ГIалгIайчуьра кегийрхой а "къайлахчу набахте дIадигарх а, шаьш еххачу хенахь ледарх а" лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG