ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тайп-тайпана проекташ кхочуш ян 180 миллиард сом лур ду Нохчийчоьнна


Нохчийчохь 5 шаранна лерина тайп-тайпана проекташ кхочуш ян 180 миллиард сом лур ду Оьрсийчоьнан федералан бюджетера. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Iедало тIеэцна ю 49 проект. 2024 шо тIекхачале уьш кхочуш еш дайа деза ду 190 миллиард сом. Цу ахчанан доккхаха долу дакъа - 180 миллиард сом доуьйтур ду федералан бюджетера.

ГIуран-беттан 24-чохь Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс шен Iедалан декъашхой декхарелахь бинера хIара шо чекхдалале ерриг а регионашкара проекташ тIечIагIъян. Уьш кхочуш ян тIедогIучу кхаа шарахь луш ду 5,7 триллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG