ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Радан депутато телеэфирехь Iасанца тIелатар дина политологна


Мосийчук Игор.

NewsOne телеканалан эфирехь "оьрсийн пропагандист" ву аьлла политологна Семченко Александрна тIелатар дина Украинин Лаккхарчу Радан депутато Мосийчук Игора.

Политолог къамел деш волуш Мосийчука бехке вина иза Оьрсийчоьнна болх беш хиларна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан ахчанах болх беш хиларна а.

Семченкос жоп луш аьлла депутат "коьртана дика вац", иза Раде муха кхаьчна кхеташ вац ша аьлла, шена тIевеана дупутат дIа а тоттуш. Цул тIаьхьа Мосийчука Iасанца тIелатар дина политологна, яздо 360tv.ru сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG