ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп леррина хьажа-хӀотта Туркойчу кхайкхина ЭрдохIана


Трамп Доналд ( аьрру агIор) а, ЭрдохIан Реджеп а.
Трамп Доналд ( аьрру агIор) а, ЭрдохIан Реджеп а.

Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа 2019-чу шарахь леррина хьажа-хӀотта шайн махка кхайкхина Iамеркан президент Трамп Доналд. Цунах лаьцна хаам бина КIайн ЦIийно.

КIиранан дийнахь Iамеркан президенто хаам бинера, туркойн президентца ша дийцаре дина хиларх лаьцна "сиха ца луш а, вовшашца уьйраш йолуш а" Шемара Iамеркан эскарш арадахар.

Трампа дийцарехь, цо иштта ЭрдохIанца дийцаре дина тIаьхьарчу хенахь шина пачхьалкхан юкъаметтигаш галйевллачул тIаьхьа юха а Iамеркана а, Туркойчоьнна а юкъахь махлелор жигардаккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG