Нохчийчуьрчу 26 шо долчу вахархочо Бакаев Iелас юха а тховкIело ехна Украинин Iедалшка, яздо Кавказ.Реалиино.
"Борисполь" Киеверчу аэропортехь дозанхоша сацийнера Бакаев стохка. Цунна бехке дуьллуш ду Росгвардин эскархошна тIелатар дар.
2017-чу шеран бIаьста Ноьвр-кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера Нохчийчоьнан ялх вахархочо. Оцу тасадаларшкахь 6 эскархо вийнера, кхаанна чевнаш йира. ТIелатар динарш берриш а байинера.
Ницкъаллийн структурийн белхахойн версица, хIетахь Оьрсийчоьнал арахьа вехаш хилла Бакаев а дакъалоцуш хилла цу тIелатарехь. Кху аьхка Бакаевс тIе ца дитира шен бехк хилар, ша цу хенахь динан Iилма Iамош Мисарахь вара, цунна тоьшаллаш а ду шен аьлла.
Украинехь тховкIело ехнера цо, амма Iедалш къобул ца дира цуьнан дехар.