ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цуьнан бIаьргашчохь хиш дара"


Испанера турист "Маркус"
Испанера турист "Маркус"

ГIорочуьра испанхо кIелхьарваьккхина Магаданехь бехачу Чемурзиев Вахас а, Муцольгов Мовсара а, Хабриев Аслана а

Колымскан трасси тIехь тоьхначу четар чохь гIорош лаьтта Испанера веана велосипедхо кIелхьарваьккхина Магаданан бахархоша. ШолгIа веана Магадане Андрес Абьян Пахарес Хосе. Дуьххьара 2013-чу шарахь кхаьчначу цо кIезиг хан яьккхинера кхузахь. ХIетахь а вара иза велосипед тIехь, амма гIалина гена ца волура иза.

Сарагосехь вехаш ву Хосе, колледжехь дизайнеран болх а беш. Дуьненна го бакхха лаам бу цуьнан вилспетахь. ХIинцале а хилла иза Пакистанехь а, ГIажарийчохь а Иракъехь а, Таджикистанехь а, ГIиргIазойчохь а, Монголехь а, Шемахь а, Ливехь а, Мароккехь а, Румынехь а. Къилбаседа хазехеташ ву иза цундела юха а веанера иза Магадане. Дукха йорт йиттина Хосес, Юккъерчу Оьрсийчохь, Сибрех а, лаьмнаш а, меттигера култура а йовза лууш лелара иза.

"Колыма" трасси тIехула воьду Пахарес сецнера некъайистерчу кафе чохь Ларюковое олучу эвлахь. Магаданна 385 чакхарма гена ю иза. Оцу заманчохь Сусуманехь веха ГIалгIайчуьра Чемурзиев Ваха а, Муцольгов Мовсар а, Хабриев Аслан а хиллера Магадане вогIуш. Лаьтташ вилспет гича, севццера уьш, цецбовларца. ХIунда аьлча, шелонан чIогIалла юсту барам 50 кхаьчнера.

"Ахь хIун леладо, хьо лаа вуй?"

– Кафе чу дахча, цу чохь хиина Iаш турист гира тхуна, - дуьйцу Чемурзиев Вахас. – Цунна тIе а дахна, къамеле довла гIоьртира тхо. Оьрсийн, ингалсан а, гIалгIайн а меттанашкахь хабар таса гIиртира тхо, тIаккха кхийтира иза испанхо хиларх. Магаданера дуьйнна Байкале хьажа воьдуш ву ша элира цо вилспетахь.

Иза кхето гIиртира тхо, хьо дукха тIаьхьа веана, хIунда аьлча, арахь шело хIоьттина, вилспетахь дIакхочур вац хьо, бохуш. ХIан-хIа, ша дукха йорт етташ лелла турист ву, аьлла, дуьхьало йира цо юхаверза. Тхо Магадане дIадахара тхайн гIуллакхе, иза цигахь висира.

Кхо де даьлча юхадаьхкира тхо. Оццу кафе чу дахара тхо. Хаьттира оха белхахошка, хIун хилира оцу туристах аьлла. Новкъа а ваьлла, дIавахара иза элира тхоьга. Иза вханаччу новкха доьлхура тхо. Гонашкахула бIаьрг бетташ, ярташка чу а доьрзуш, туьканашкахь а хоьттуш иза. Цхьанна а цунах хууш хIума дацара. Оцу некъатIехула турист дIавахалур воцийла хаьара тхуна. Бурхалинскан дукъах дехьа а девлла, (Магаданна 580 гергга чакхарма), нийсачу новкъа доьлхура тхо. Машен юьйхи тхан, Сусумане дIакхача 65 чакхарма йисинчу хенахь.

ЦIеххьашха некъан йистехь цхьа цIехо-можа хIуманах бIаьрх кхийти-кх тхан. Там бара и четар хила аьлла, дага а тесна, герга даха тхо, вилспет гира тхуна, хила а хиллера иза четар. Цунах хилларг хаа дагахь улле а дахна, телефон тIе дIа а яздеш, "Маркус, Маркус" бохуш, мохь битти оха.

Ишта цIе еллера оха цунна. Жоп дацара дуьхьал. Я иза вац четар чохь, я гIорийна аьлла, ойла хилира тхан. Иштачу ситуацехь дан дезарг ца хаьара тхуна, хIунда аьлча, гIорийна стаг йовхачу хIусам чу вига ца меги хаарна. Цхьажимма доьхнера тхо. Мобилан зIе яц, орца даккха 60 чакхарма дIаэха а дезара. Тхо иштта лаьттачу заманчохь, халла четар йоьллуш, "Маркус" арахьаьжира. Иза гIорийнера. Цуьнан бIаьргаш чохь хиш лаьттара. Оха боху цуьнга: "Ахь хIун леладо? Хьо лартIахь вуй? Вало тхоьца".

Error rendering VK.

Иза машен чу а хаийна, цуьнан мехал хета хIума схьа а эцна, йисинарш юха даьхкина, схьаоьцур ю аьлла, цунна дош а делла, дIадахара тхо. Буьйсанна 2-3 сахьт долучу хенахь ду хьуна и. 4 сахьт долучу заманчохь цIа кхечира тхо. Хьешан цIийнехь шийла хила там бу аьлла, тхайн петар чу витира оха иза. Цунна юург-мерг а эцна, чай малийтина, дIавижа мотт а биллина, догIанаш цуьнгахь шегахь дитира оха. Гуш дара, тхох мел а ийзалора иза.

Юха дийнахь иза волчу юхадаьхкира тхо. Чуьра ара а ваьлла, туьканах лелла чувеана хиллера иза.

Андрес Абьян Пахарес Хосе а, Магаданан мэран гIовс Казетов Юрий а
Андрес Абьян Пахарес Хосе а, Магаданан мэран гIовс Казетов Юрий а

Цул тIаьхьа хьешан цIийне иза дIа а кхетийна, оха лоьраш кхайкхира цунна тIе. Цунна оьшу гIо а кхачийна, йисина туристан хIумнаш схьа а еана, автобусца иза дIавахийтира оха.

ШолгIачу дийнахь юха а Магадане даха гIуллакх Iоттаделира тхан, цIа даха дагахь. Аэропорте дIадоьлхучу хенахь, юха а Ларюковое эвларчу кафе чу дирзира тхо. Цигахь карийра тхуна "Маркус" юха а. Мара а деттаделла, цхьаний чайнаш моьлуш, къамелаш а дина, циггахь дIасакъаьстира тхо.

– Кест-кеста Iитталой шу ишта гIо оьшучу меттигашна тIе?

– ГIодар нисло, амма наггахь. Дукха хьолахь аьхкенан муьрехь. Суна схьахетарехь, цкъа а хезна дац, IаьнтIехь вилспетахь, я мотоцикл тIехь турист воьдуш-вогIуш. Машенахь хилча ша ду, делахь а кхераме ду машенца а. ХIунда аьлча, мичча хенахь а йоха тарло машен, ткъа уллохь гIо хиларе догдохийла а яц. 5-10 минот хан тоьар ю стагна гIоро. ЦIе лато а кхиавале. Аьхка нисло мотоциклаш тIехь туристаш. Нагахь чкъург дIаяхна, я цхьа меже йоьхна меттиг нислахь, тIехволучо соций, гIо кхачадо, оха санна.

"Со хьераваьлла вац"

Андрес Хосе зевелла турист ву. Йоккха хан яьккхина цо Исландехь. Цо дийцарехь, Магаданехь чул а йовха хуьлу цигахь, хIетте а шийла хуьлу. Четар чохь буьйсанаш а йохуш, беха некъ бина цо. Магаданехь мел температура лаьтта хууш хиллера Хосена, кийча а хиллера иза цунна.

Новкъа ваьллачул тIаьхьа куьйгаш шеллора шен, амма тергамза дитира ша боху цо. Буьйсанна вижинчул тIаьхьа куьгара кара охьа а даьлла, гIорийна хиллера цуьнан пIелгаш.

Кара а доьжна, гIорийнера цуьнан пIелгаш
Кара а доьжна, гIорийнера цуьнан пIелгаш

2020-чу шарахь дикка кечам а бина, Магаданера Байкал тIе кхача Iалашо ю цуьнан. "Аьхка чуьркаш а, чаш а" хуьлу, цундела юха а Iай ван дагахь ву иза. Карарчу заманчохь шелоно вахьийна лаьттина иза, шена дарбанаш лелон дезаш ву.

ЛартIехь волу стаг вер вуй сил экстремале новкъа аьлла, шега хаьттича, Хосес жоп деллера: "Со хьераваьлла вац, со кийча вара массо а хIуманна. Суна дуккха а шерашкахь ваха а, юха а, юха а Магадан ган лаьа", аьлла.

Цо бахарехь, Хосес йиллина маршрут – доллу цуьнан дахаран Iалашо хиллера. Дуккха а хIуманаш Iемина цунна, интересе адамаш девзина, адамийн дикалла а евзина, гIо эшначохь орцах нах бовлий а хиъна. "Со уггар а цецваьккхинарг и ду", - аьлла Хосес.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо совгIатдина испанхо кIелхьарваьккхинчу кегийрхошна. "Адамалла, къинхетамалла гайтарна, орца кхачорна, дикаллин масал гайтарна вайн къоман цIарах баркалла шуна" аьлла, орцанхошна совгIаташ делла Евкуров Юнус-Бека.

Новости агенталло бинчу хаамашца, карарчу беттан 27-чохь, орцанхойн профессионалан дийнахь регионерчу орцан министралло Магаданехь хIотточу барамехь баркаллин дош а олуш, совгIаташ лур долуш ду ГIалгIайчуьрчу кхаа вахархочунна.

"Церан само бахьана долуш дийна висина ала тарло Испанера турист", - аьлла Магаданан кIоштан орцан министраллан куьйгалхочо Муха Любомира.

Драчкова Виктория , "Сибирь.Реалии"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG