ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллион доллар даьккхина ша лотарей эцна хилар дицдинчу Iамеркахочо  


ЦIеххьана миллион доллар даьккхина Iамеркерчу Мичиган штатерчу вахархочо Делюк Питера, хаам бо upi.com сайто. 51 шо долчу цу стагана дицделла хилла ша лотарейн билет эцар. Ши бутт хан яьлча машена чохь ларамаза карийна хилла цунна иза.

Забаренна санна кхаж баьллий хьажа вахана Делюк. Лотарейга хьаьжначу йохкархочо аьлла, шегахь дIадала оццул дукха ахча дац аьлла.

Лотарейна тIехь долчу терахьаша гойтуш хилла кхаж балар. Цу кепара Делюка даьккхина цу лотарейхь ловзош хилла дерриг а ахча – 1 миллион доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG