ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вон цамгаро хьийзочу Дагестанерчу кIантана гIо дийр ду Кадыровн фондо


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша гIо дийр ду аьлла дIахьедар дина вон цамгаро хьийзош волчу Дагестанерчу кIантана. Цунна дарба дан оьшуш долу ахча лур ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо, хаам бина Нохчийчоьнан хьалханчо шен социалан машанерчу агIона тIехь.

Ахьмад цIе йолчу кIанта дехар динера луларчу республикан куьйгалхочуьнга. ЦIе ца йоккху цамгар ю шена кхетта ткъа ХIинжа-ГIаларчу лоьраша дарба ца дон шена аьлла, дийцинера цо.

И аудиокхайкхам кхечира социалан машанашка. Цу кIанте ладуьйгIира эзарнаш наха, шайна юкъахь Кадыров Рамзан а волуш, яздо Регнум агенталло.

Цу хьокъехь оршотан дийнахь шен агIор комментари йина Дагестанан могашаллан министралло. Цуьнан зорбанан сервисо бинчу хаамца, 2018-чу шеран федералан квотица цу кIантана мехаза дарба дан дезаш яра Москохара Алмазовн цIарх йолу медицинан талламан центр, ткъа иза охьавилла везаш вара Москох рентгенорадиологин центре Дечкен-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG