ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мобилан интернет уггаре еза йолчу меттигашна юкъахь ю Нохчийчоь


Russia -- A man holds an iPhone 6 in a mobile phone shop in Moscow, September 26, 2014

Уггаре йораха мобилан интернет йолчу пачхьалкхашна юкъахь ю Оьрсийчоь, амма хьал кестта хийцадала мегаш ду. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто", Content Review талламана тIе а тевжаш.

Цу талламца а догIуш, Оьрсийчоь цу гайтамехь 8-чу меттехь ю. (Хьалхарчу меттехь ю Румыни, ткъа 10-гIа меттиг дIалоцуш ю Алжир). Делахь а Оьрсийчуьрчу мобилан интернетах кхачо ярца доьзна хьал хийцадала мегаш ду 2019-чу шеран Дечкен-беттан 1-чохь дуьйна. Иза доьзна ду керлачу шарахь НДС олучу йолан барам алсамбаккхарца - хIинца йолчу 18% тIера 20% проценте.

Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь статитикан урхалло хаам бира уггаре йораха мобилан интернет йолу меттигаш Ямало-Ненецкан автономан го а, Тюменан а, Магаданан а кIошташ а ю аьлла.

Мобилан интернет уггар еза йолу республикаш ю Оьрсийчохь ГIалгIайчоь а, Дагестан а, Нохчийчоь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG