ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Валар гIоле ду, церан къизаллаш ловчул"


Нохчийн блогер Абдурахманов тумсо

Нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос дуьйцу шех хиндерг, нагахь Полшано дIалахь

Нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо Оьрсийчоьне дIавала лууш бу Полшин Iедалхой. "Настоящее время" хьостане Тумсос ша дийцина цунах лаьцна. Полшан миграцин урхалхоша догIу кехаташ караделла цунна. И бохург хIун ду, депортаци ярх сацам цкъачунна хадам боллуш тIеэцна бац, амма муьлххачу а хенахь пачхьалкхера иза араваккха тарло.

Хьалхо шозза дуьхьалойира Абдурахмановна тховкIело яла. Блогеро дийцарехь, шайн махкана цуьнгара кхерам бу аьлла хета Полшин Iедалхошна. Делахь а тховкIело елла Полшарчу мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу кхеташоно Абдурахмановн доьзална. Даймахкахь бехктакхаман гIуллакх ду Тумсона дуьхьал долийна, ткъа ша блогеро шена дохку бехкаш бух боцуш лору.

2015-чу шарахь хIетахь мехкан куьйгалхочун администрацин урхаллехь хиллачу Кадыров Исламца конфликт иккхича вада дийзира Тумсон. Кадыровн машенийн ковра тIехйолучу заманчохь новкъарло йина хиллера кхо. Шегара телефон схьа а яьккхина, цу чохь экстремистийн материалаш карийна аьллера Кадыров Ислама, дийцинера блогеро.

Цул тIаьхьа масийттазза лецира иза, бертаза латтийра Кадыров Ислама шен цIахь, кхерамаш а туьйсуш. Тумсо тешна ву, шена дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх доцург а, Оьрсийчохь шена тIехь ницкъбийр бу аьлла.

- Ахь ма-дийццара, хьан кара документаш делла. ХIун ду цу тIехь?

- Дахначу еаридийнахь Iедалан векалш сан цIа а баьхкина, цхьа туп кехаташ делла соьга. Ду царлахь уггар а коьрта документ - со Оьрсийчоьне дIавалар дийцаредан административан гIуллакх долош хиларх. И бохург ду, и административан процесс цара йолош хилар, со бертаза шайн пачхьалкхера араваккхархьама.

Цул совнах. цара дийци соьга и доцург а, Полшано со кхечу пачхьалкхан вахархо санна, шайн махкахь бита йиш йоцчийн тептаре ваьккхина хилар а. Со цунах муха кхета аьлча, шайн пачхьалкхна соьгахьара кхерам бу бохуш санна. Оцу хьоло сан гIуллакх кхин а ледара доккху.

- Полшано хьо дIалур ву аьлла кхерам мел ницкъ болуш бу? И процесс муха хуьлу?

- Полшин низамашца, тховкIело йоьхуш ахь кехаташ чуделлачул тIаьхьа, шоззе а дуьхьало еш кехат догIий, хаа мегар ду хьуна, хьан доллу гIуллакх цара листиний а, мел деха дийцарх а, хьуна цара жоп лур доций а. Хьан бакъо хуьлу кхеле вала, юха а, шолгIа процесс йоло. Амма тешам бац, хьуна депортаци йийр яц аьлла. Полшин дозанхойн урхаллан бакъо ю хьуна депортаци яран гIуллакх дуьхьал доло. ШолгIа негатив лахь а, юха а кехаташ кечдина чукхачадахь а, и дерриге а тарло хьо а воцуш листа. Хьуна депортаци а йой, гIуллакх шаьш луьсту-кх цара.

Соьга шозза негатив кхачийна. Гезгамашин-баттахь даийтира соьга дуьхьало еш кехат. Цул тIаьхьа 30 де хан еллера суна махкара дIаваха, аьлча а, Шенгенан зона дIатаса. Ткъа со цхьанхьа ара ца ваьлла кху пачхьалкхера, цундела ас шайн низамаш талхийна аьлла, суна дуьхьал гIуллакх даьккхина Iедалхоша. Цуьнца а догIуш, мичча хенахь а, дIавала там бу со. Термин а хIоттош, кара кехат делла суна, шаьш тIе ма кхайккхи, тIе ван веза аьлла.

Мичча хенахь а, кеман чу а хаийна, оьрсийн Iедалхойн кара вала мегаш ву со.

- Полшано хьалхо хьуна Оьрсийчоьнера кхерам бу аьлла, къеро ма йинера.

- Полшин Iедалш тешнера, суна Оьрсийчу юхаваха кхераме хиларх. Оцу бух тIехь сан доьзална тховкIело а елира. Суна дуьхьало еш бинчу сацамна тIехь билгалдаьккхина а ду, даймахка ваха йиш йолуш вац аьлла. Делахь а, царна хIуммаъ ца хета, со Оьрсийчохь вехь а, шайна бале цаваьлчхьана. Со тIекхуьуш вац, цара и хIунда до. Хала хеташ делахь а, цхьаммо а ца дуьйцу соьга, хIунда ву со шайна кхераме, я и бакъ доций хаийта таро а ца ло. Суна ца хаьа, со стенна бехкево. ХIара хIоьттина ситуаци муха ю хьуна аьлча, со ларван, Iалашван йиш яц-кх сан. Суна ца хаьа, полшхойн къайлахчу сервисаша хIун яздина оцу къайлахчу документаш тIехь. Цхьана а кепара аргументаш яц-кх сан, дан амал доцчу хьолехь ву-кх со. Сан бакъонаш хьешар ду хIара, со хилла кху ситуацехь хьалха а.

- Нагахь хьо Оьрсийчоьне дIалахь, хьайх хIун хир ду аьлла хета хьуна?

- Сан аьтто хир бац цигара цхьанхьа дIаваха а, я ца ваха а. Федералан лехамашкахь ма ву со. Оьрсийчоьнан лаьтта тIе ас ког ма билли, дIалоцур волуш ву со. Нохчийчохь даьккхина суна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх, цундела оьрсийн Iедало оцу сохьта Нохчийчоьне дIалур ву со. Цундела сан кхетамехь дац, муха, хIун дийр ду ахь, дIагIур ву я вац бохург. Сан цхьа а планаш яц, хуьлийла а дац. ДIа ма кхеччи, лаца а лаьцна, нохчийн Iедалхойн каралур ву со. Цул а гIоле хета суна, кху дуьненчуьра дIавалар, сихха валар, церан къизаллаш, Iазапаш ца ловш. Ца хуьлчу далахь, и цхьа Iалашо ю-кх сан - сихха валар.

- Нохчийчохь хьайна тIехь ницкъбийр бу аьлла хета хьуна?

- Цхьа а шеко яц сан, ишта хир дац аьлла. Цара махкахь лелон зуламаш Iорадохучу суна цергаш хьекхош Iаш бу уьш. Со шайн бIаьрга ван ца веза царна. Цундела цара суна тIехь дуьйцуш хезна доцу Iазапаш лелор ду. Суна ца лаьа церан зоьн дийнат хила. Церан дуккхаъчу масалша вайгахь цхьа а шеко ца юьту, ишта хир дац аьлла. Схьаоьцур вай Титиев Аюб. Сол а лараме, мехал, тIеIаткъаме стаг ву иза. Цхьаннан а дан хIума а доцуш, тахана наркоман санна набахтехь латтош ву иза. Цунна тIехь ца лелийна къизаллаш. Делахь а, хьанна хаьа, цунна хIун гина а. Амма со кхоор вац цара. Цара-м лечкъа а ца до и.

- Хьал ишта делахь, Евробертан кхечу пачхьалкхехь тховкIело еха йиш яц хьан?

- И таро яц сан. Кхеран низамийн гурашкахь волчу сан бакъо яц цхьана а Шенгенан зоне дехьавала. Дан амал доцуш хьал ду суна хьалха хIоьттинарг. Къайлах Евробертан цхьана махка дIагIойла ду сан, амма ца лаьа и дан. Сан доьзал кхузахь ма бу, кхарна елла тховкIело. Кхузахь школе лелаш ду сан бераш, кхеран мотт а багабирзина, интеграци а йина. Суна ца лаьара тахана хIара пачхьалкх кхечу махках хийца. Кхузахь саца лаам бара сан, маьршша кхузахь ваха сайна бакъо елча.

Интервью кечйинарг "Настоящее время"

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Герз тоьхна стаг верах ялочу версех теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG