ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоначу блогеран латкъам хезна Кадыровна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тидаме эцна Соьлж-ГIалахь вехачу жимачу кIанта латкъам беш яьккхина видео.

Кадыровс жоп делла цунна шен «ВКонтакте» йолчу агIонехь. Ша яьккхина видео тIехь кIанта хаам бина петарехь массо а биргIанаш чуьра догIуш довха хи хиларна шийлачу хица халонаш хьоьгуш бу шайн доьзал аьлла. Цо варе йина гIалахь хин латто урхалла, ша Кадыровга латкъам бийр халарна, нагахь хьал дIа ца нисдахь.

"Вай, хьо ма буьрса ву, нохчийн блогер. Кхерийна хир бу ахь хаьйн блог ешархой. Кадыров Рамзанна хезна", - дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, кIантана жоп луш.

Кадыровс хаттар делла, беран дехар хезний-те Соьлж-ГIалан мэрана Закриев ИбрIаьхIимна аьлла. Цо иштта водоканал урхалле а хьахийна Соьлж-ГIаларчу петаршна хица кхачо ярца йоьзна халонаш дIаяха еза хан тIекхаьчна хиларх лаьцна.

"ЛадоьгIуш ду, со хан ларйеш ву", тIетоьхна Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG