ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зулам кечдеш хиларна шеко йолуш Нохчийчуьра вахархо лаьцна Туркойчохь


Туркойн полици.
Туркойн полици.

Нохчийчуьра схьаваьлла жима стаг лаьцна Туркойчуьрчу Адана провинцехь. Цунах лаьцна хаам бина меттиречу зорбанан гIирсаша. Цара яздарехь, туркойн ницкъаллин структураша нохчи бехкевеш ву Керла Шо даздаршкахь теракт ян кечлуш хилла аьлла.

Haberturk сайто яздарехь, лаьцнарг ву "Хайят Тахрир аль-Шам" экстремистийн тобанан декъашхо. Цуьнан цIе юьйцуш яц, амма билгалйоккхуш ю А.Г. элпашца. И стаг Шемахь тIом бина ву бохуш, яздо сайто.

Ша жимачу стага чIагIдо, цхьана а терроран тобанца гIуллакх деана вац ша бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG