ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростох лоьхуш ю 25 шо долу нохчийн йоI


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

25 шо долу Соьлж-ГIалара яхархо Джабраилова Залина шен йишийн петарера араяьлла кхушеран Дечкен-беттан 20-чу дийнахь. Цу хенахь дуьйна цуьнан кхоллам муха бу хууш дац, яздо Рrivet-rostov.ru. сайто.

Жимачу зудчуьнгахь мобилан телефон йоцург кхин хIумма а ца хилла. Оханан-беттан 4-чохь иза йийна хила мега аьлла талламан комитето долийнера бехктакхаман гIуллакх.

Нохчийчуьрчу полисхойн аьтто ца баьллера Джабраилован лар каро. Цара жамI дина иза республикера дIаяхана хир ю аьлла.

Цхьацца билгалонашца Джабраилова Ростох еана хила мега аьлла, меттигерчу талламан комитето дехар дина бахархошна иза йолу меттиг хаалахь сихонца хаийта шайга аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG