ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итон-Кхаьллахь беркема дохарна бехке бина хенахIоттам


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан Къилбан тIеман гонан прокуратуро жамI дина, дозанхойн беркеманна урхалла деш хиллачу экипажан командиран аьтто ца хилла и хьовзам юхатоха аьлла.

Дозанан урхаллан Ми-8 беркема доьхнера Нохчийчохь Итон-Кхаьллан кIоштахь Зазадоккху-беттан 7-чохь. И бахьана долуш велира цу чохь хилла 6 дозанхо, шайна юкъахь беркеманан командир а волуш. 3 эскархо кIелхьарваьллера: цхьанна еза чевнаш хиллера, кхин шиъ чуэккха кхиънера беркема галдаьлча.

Интерфаксо бинчу хаамца, беркема дохаран бахьана лаьрра хенахIоттам вуно чолхе хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG