ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сиха шахматех ловзуш дуьненан чемпион Карлсен эшийна Украинерчу шахматхочо Тухаевс


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Петарбухехь дIахьочу сиха шахматех (рапид) ловзаран дуьненан чемпионатехь Карлсен Магнус эшийна Украинерчу говзанчо Тухаев Адама, хаам бо Ua.tribuna.com сайто. Керчехь вина а, вехаш а волчу Тухаевс толам баьккхина норгана тIехь кIайн шахматашца ловзуш.

Хьалхарчу муьран деа ловзарехь Тухаевн ю 2 балл. Карлсенан а ю оццул баллаш. Цо эшийна Оьрсийчуьра ши шахматхо Погосян Стефан а, Власов Николай а.

Карлсен карарчу хенахь волу чемпион ву блиц олучу тIехчехка шахматех ловзарехь. Ткъа чехка (рапид) шахматех ловзуш чемпион ву Индера гроссмейстер Ананд Вишванатан.

Чехка шахматийн турнир дIайоьрзур ю кху беттан 28-чу дийнахь. Ткъа тIехчехка шахматех ловзаран турнир хир ю ГIура-беттан 29-31 деношкахь.

30 шо долчу Тухаевн доьзал Нохчийчуьра дIабахна бу ГIирме 1990-чу шерашкахь, яздо grozny-inform.ru сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG