ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша цхьаммо гIаш Антарктида хадийна Iамеркерчу некъахочо


Антарктида.
Антарктида.

Исторехь дуьххьара ша цхьаммо когсалазашца пурх Антарктида хадийна Iамеркерчу некъахочо О'Брэди Колина. 1500 километр беха некъ цо бина 54 дийнехь. О'Брэдис шена тIаьхьа текхош хилла 170 кила кхачанан сурсаташ а, кхин дерг а тIехь долу салаз.

Гергарчара а, беза-бевзачара а цо бечу некъана терго еш хилла инстаграмехь йолчу некъахочуьнан агIонехула.

И тайпа некъ хьалха а бина некъахоша Антарктидехь, амма цара иза дора, хьалххе охьабиллинчу кхачанах пайда а оьцуш. Ткъа 33 шо долчу Портлендера (Орегон штат) схьаваьллачу О'Брэдина гIо деш вацара цхьа а стаг.

Цуьнца къовсавелла Антактида гIаш хадош волу Британера Радд Льюис хIинца а новкъахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG