ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шарахь 90 стага ислам тIеэцна Нохчийчохь - Межиев


Нохчийчуьра муфтий Межиев Салахь.
Нохчийчуьра муфтий Межиев Салахь.

Нохчийчоьнан динан урхалло 2018-чу шарахь бинчу белхан жамIаш дина республикан муфтийс Межиев Салахьа шен лерринчу зорбанан конференцехь, хаам бо "Ислам тахана" сайто. Кхин болу шайн кхиамаш буьцуш цо хаам бира кхушара 90 стага, Нохчийн Республике а веана, бусалба дин тIеэцна хиларх лаьцна.

Межиевна хетарехь, иза хилла Нохчийчуьрчу имамаша а, кхин болчу диндайша а дика болх барна. Цо дийцарехь, муфтиято нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахецна диндайша язбина цхьмогIа белхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG