ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗIе а йоцуш, тIехIотта да а воцуш дисина тхан бераш


4-гIа бутт бу Мисарахь набахтехь гIалгIайн пхи студент латтон

Биъ бутт хьалха тIепаза вайна Мисарахь ГIалгIайчуьра пхи студент. Мисаран полицино уьш дIалецна хир бу аьлла, шеко ю церан гергарчийн. Ткъа мича бахьанашца уьш дIабигина, стенгахь латтош бу - тIекхуьуш бац.

Мисарахь байначийн гергарчу нахаца цхьанакхеттачу "Настоящее время" хьостан корреспонденто хаьттира цаьрга, хIун дан дагахь бу уьш, муха бакъдерг лоьху цара шайн доьзалех.

22 шо долу ГIалгIайчуьра вахархо Дугиев Хизир тIаьххьара зIене ваьллера шен ненаца, ша лачкъийна вигале масех сахьт хьалха. СаIуда Iаьрбийчуьрчу Мединан Динан университетан дешархо ву иза. Iарбойн мотт шарбан Iалашонца Мисара веанера иза аьхка дешарна мукъаваьллачу заманчохь.

"Виза схьайоьллу цигарчу аэропортехь, цхьана баттана. Ас кест-кеста олура цуьнга "Хизир, яхъехьа хьайн виза". Цо жоп лора: "15 доллар ма бу цуьнан мах". Даим а ахча ца тоьуш ма хуьлу студенташ", - дуьйцу Хизиран нанас, Дугиева Джанната.

Марсхьокху-беттан 14-чохь Мисарахь дIалаьцна Хизир, ткъа цу беттан 29-чу дийнахь Медине деша юхаван эцна билет а хиллера цуьнан карахь. Шен кIантаца зIе хаьдча, орца даьккхинера Джанната.

"Циггахь ма ву шен доьзалца тхан эвлара кхин цхьа кIант а. Деша а доьшуш, стипенди а оьцуш Iаш. Цуьнца зIене яьллера со. Цо а элира соьга, шолгIа де ду шен телефон Хизире дIа ца йоьду. Ас боху, хIун хилла цигахь? "Ала лууш вацара со, иза а, кхин а дуккха а бераш дIадигина элира цо соьга", - дагалоьцу Дугиевас.

Нагахь Хизир къайлаваккхар визаца проблема гIоьртина ду бохуш хилча, кхечу гIалгIачун Аушев Илезан кехаташ ма дара низамехь хила ма-деззара. ХIетте а шен хIусамненаца а, кегийчу берашца а цхьана дIавигинера иза.

"Сан несо дийцира соьга, шайн хIусамчу а лилхина, куьйгех гIоьмаш а тоьхна, тIехь хиллачу бедаршца дIадигинера шаьш аьлла. ТIулгийн цIенкъахь буьйшуш хиллера уьш, дийнахь цкъа хица баа бакъабелла хьокхам лора шайна бохура цо. Берашна худар кечдан довха хи дехча, иза а ца луш хиллера. Шийлачу хица тодо ша бохура берашна худар", - дуьйцу Илезан нанас Аушева Хьавас.

Могушалла галъяларан бахьанашца, Аушев Илезан хIусамнана маьршаяьккхинера итт де дIадаьллачул а тIаьхьа.

"ХIетахь дуьйнна даим а цомгуш хуьлуш ю сан нус а, бераш а. ХIинца а бу уьш могуш боцуш, цундела кхуза схьабахканза бисина. Дика ду, цуьнца цхьана набахти чохь сан кIентан накъостий, гIалгIайн бераш хилла. Цара гIо ца латтийнехь, хала хир дара цунна", - боху зудчо.

20-23 шаре бевлла кегийнах бу Мисарахь байнарш. Визан хан тIехъяьлла кхоъ хилла царех. Миграцин низамаш дохийнарг баттахь чохь сацаво Мисарарчу Iедалхоша. Биъ бутт гергга хан яьлла, ткъа хIинца а чохь латтош бу лецна студенташ.

Оьрсийчохь куп тоьхначу Мисаран консулалло жоп делла, кхи дIоггара даккхий, бакъонаш хьоьшуш хIуманаш ца девлла цаьргара аьлла.

"Арахьарчу гIуллакхийн министралле а орца дехнера оха, цаьргара жоп данне а дац. Адвокат лаьцна оха, цо а кехаташ дахьийтина, ткъа векалто жоп ца ло. ХIаъ, цигахь бу уьш аьлла, цхьа жоп мукъна а делара доуьйтуш. Шина баттахь сайн кIант дийна вац моьттуш Iийна-кх со", - боху Джанната.

Верриг а 10 дешархо ву Мисаран Iедалхоша дIалаьцнарг. Ши бутт баьлча дIахецнера царех виъ. Мацалла кхайкхийна хиллера цара набахтехь.

"Арабаьхначул тIаьхьа депортаци йинера царна. Оцу бераша дийцира, адамаш чохь дуьтийла йоцуш, ледарчу хьелашкахь латтош дара шаьш, бохуш. Шога а бара боху шайца… Нагахь тхо цхьана хIуманна бехке хетахь, хIара ду, важа ду алий, бехк кховдабейша шаьш аьлча, "шу доцург а, тхан кхин а даккхий гIуллакхаш ду" олура боху шайга", - дуьйцу Дугиевас.

ХIокху беттанашкахь Мисарахь набахтехь латточу кегийрхойн гергарчара кехаташ ца яздеш меттиг битина а бац. Оьрсийн а, Мисаран а Iедалхошка а, бакъонашларъярхошка а орца доьху цара. ХIетте а, тахана а шайн доьзалхойх хIун хилла хууш дац царна.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан пресс-гIуллакххошка ситуацех дерг хаттархьама зIене девлира тхо, амма цара жоп ца делира.

Тхан канало официалехь шайга дахьийтинчу кехатна жоп луш, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло яздира, Мисарарчу полисхоша дIалецначух тера ду гIалгIайн студенташ, амма Мисаран оьрсийн консулалле цунах хаийтина дац. Ткъа иза консулан конвенци ца ларар ду аьлла.

ГIалгIайчуьрчу студентех катоххий шайга информаци кхачае аьлла, тIедожийна оьрсийн министралло. Амма тахана а церан кхолламах лаьцна хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG