Минскехь пауэрлифтинган дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь керла дуьненан рекорд хIоттийна Израилан цIарах цигахь дакъалоцуш волчу Нохчийчохь винчу спортхочо Алхазов Влада. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.
Цхьана а гIирсах пайда а ца оьцуш, Айвазов когаш тӀе охьалахвелла, 525 кила йозалла куьйгаш тIехь а йолуш. Цу кепара, хьалха шен хилла лаккхара гайтам алсам а боккхуш, цо шозза хIоттийна керла рекорд. ШолгIа тIевахана иза когаш тӀе охьалахвелла 510 кила карахь а йолуш, ткъа кхоазлагIа тIевахча цуьнан йозаллан барам хилла 525 кила.
Айвазов воцург дуьнентIехь цхьа а стаг вац 500 кийлел лакхара йозалла карахь йолуш когаш тӀе охьалахвелла.