ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н белхахошна тIемало ву моьттина Нурмагомедов  


Нурмагомедов Хьабиб.
Нурмагомедов Хьабиб.

Кеманца Туркойчу ваха новкъавала Москох аэропорте веана Дагестанера ши вахархо дIалаьцна хилла федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахоша. Дозанхойн шеко кхоллаелла хилла и шиъ Шемарчу "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета дагахь махках волуш хила мега аьлла.

Лаьцна хиллачу шиннах цхьаъ ву дуьненна а вевзаш волу ММА латархо Нурмагомедов Хьабиб. Цунах лаьцна хаам бина Eurosport сайто.

Дозанхоша кхайкхина эропорте баьхкинчу полицин белхахошна вевзина UFC-н чемпион. Цуьнца дIахIиттина сурташ а даьхна, дIабахана уьш, яздо Eurosportо.

Болчу хаамца, шеца лелийнарг бахьана долуш вуно реза воцуш ву Нурмагомедов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG