ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Франци, Монако: нохчо ву форвардийн могIаршлахь


Кху деношкахь шайн къона футболхошлахь уггаре диканиг къастош ю Франци а, Монако а. Нохчо Абукаев Бекхан юкъахь волчу "Монако" клубо цуьнан цIе язъяйтина шина пачхьалкхо мах хадочу конкурсан могIаршка.

31 футболхошлахь къастош ву уггаре дика къона футболхо, цуьнан цIе евзар ю кестта.

Францин футболехь кхиаме гIулчаш яьхна 18 шо долчу нохчийн мухIажиро. Шен 8 шо долуш волавелла Абукаев буьрканах ловза, лаьттина Ниццерчу кегийрхойн футболан тобанехь.

Шо ду кхиаме форвард "Монако" клубан кIоначу ловзархойн тобане кхайкхина а, иза цигахь ловзу а.

Теркйистерчу НогIамирзин-Юьртара схьаваьлла Европерчу футболехь кхимаш бохуш схьавогIу нохчо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG