ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бераш дар а, адамаш далар а лахделла Нохчийчохь


Оьрсийчоьнан Росстат урхалло далочу терахьашца, ГIадужу-баттахь 26,2 процентана лахделла Нохчийчохь дуьненчу довлучу берийн терахь. Луларчу Дагестанехь и гайтам бу 24,6 процент. ГIалгIайчохь - 10,8 процент.

Ерриг Оьрсийчохь бераш дуьненчу довлар лахделла стохка хиллачуьнца дуьстича 2,7 процентана.

Дуьненчура дIабаханчу нехан терахь а лахделла Нохчийчохь. ГIадужу-баттахь республикехь беллачу нехан терахь лараха ду стохкалерчуьнца дуьстича 42,6 процентана. Дагестанехь беллачу нехан терахь лахделла 20,1 процентана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG