Оьрсийчоьно дIалаьцна йолу ГIирма Украинах дIахадош дуьхьалонаш яр дIадерзийна федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ). Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, ФСБ-н ГIирмерчу дозанан урхаллан зорбан сервисна тIе а тевжаш.
Дуьхьалонийн йохалла 60 сов километр йолу дуьхьалонан система кечйина ю цунна терго ян оьшчучу гIирсаца, шайна юкъахь буьйсанна сурт гойту видеокамераш а йолуш. Оьрсийчоьнан ФСБ-но шаьш и дуьхьалонаш яр доьзна ду боху "луларчу пачхьалкхара тӀеман Ӏалашонца бохамаш бен а, талламаш бен а тобанаш чекхйовла гIерта мегаш хиларца".
ГIирма Украинех дIахадон проект кхочуш ян йолийнера 2015-чу шарахь. Оьрсийчоьнан бюджетера цу Iалашонна дайина 204 миллион сом.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ