ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллиардерна колонехь яккха хан тоьхна Москох кхело


Михальченко Дмитрий.
Михальченко Дмитрий.

Москох Басманан кIоштан кхело 4 шо 7 бутт хан тоьхна миллиардерна, "Форум" хIолдинган инарлан директорна Михальченко Дмитрийна. Иза бехке вина, низамаш а дохош, Оьрсийчу маларш кхехьарна.

Шена тоьхна хан такха езаш ву бизнесхо юкъара раж йолчу колонехь. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло. Хьалхо прокуроро дехар динера суьде, Михальченкона колонехь чIагIйинчу рожехь даккха 10 шо тохахьара аьлла.

Талламхойн версица а догIуш цо контрабанда лелош хилла Британера а, Францера а, Италера а, бакъо а йоцуш, механа деза маларш Оьрсийчу кхоьхьуш. Цу кепара цо пачхьалкхана зе дина хилла 18 миллион сом. И ахча ша Iедална юхадерзийна, боху бизнесхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG