ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаевна вен кхел яр юхадаккхар дехна адвокаташа  


Iамеркерчу Бостонехь эккхийтар динчу Царнаев ЖовхIаран адвокаташа дехар дина апелляцин кхеле цунна вен кхел еш бина сацам юхабаккхахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина NBC.

Адвокаташна хетарехь, бехктакхаман гIуллакх толлуш озабезамалла ца хилар кхочуш ца дина кхело дов хаттар и бохам хиллачу гIалахь дIа а даьхьна.

"Дина зуламан чулацам тидаме эцча, Бостонехь беха бехккъасторхой гIорасиз бара и дов къастош озабезам а ца беш сацам бан", - даладо NBC-но Царнаевн бехказваккхархоша динчу дIахьедаран дакъа.

Цул сов, Царнаевн векалша билгалдаьккхина бехккъасторхойх ши стаг бакъо йолуш вацара дов къастош дакъалаца, цара жюрин декъашхой хоржуш харц дерг дийцина хиларна. Ша аьлча, цара хьулдина хилла кхелахочух, Царнаевна тIехь къел ярх лаьцна социалан машанашкахь шаьш яздинарг.

Адвокаташна хетарехь, Царнаев ЖовхIар дика стаг ву. Ткъа терроран тIелатар дарна бехке ву цуьнан воккхаха волу ваша Царнаев Тамерлан.

2013-чу шарахь Бостонехь марафон йоьдуш лелхийтарш дира Царнаев Тамерлана а, ЖовхIара. Кхо стаг вийра, 264 стаг чевнаш йина вара. Царнаев Тамерлан вийра полисхоша, герз а тоьхна.

Царнаев ЖовхIарна вен кхел кхайкхийра 2015-чу шарахь. Iамеркерчу зорбанан гIирсаша хаам бира иза гIо дан реза хилла таллам беш, валлалц набахтехь яккха шена хан тохахь, амма талламхой реза ца хилира аьлла.

Говзанчаш дийцарехь, латкъаман процесс яхъяла мега шерашкахь.

25 шо долу Царнаев латтош ву Iамеркехь уггаре чIогIа ларйеш йолчу Колорадо штатан Флоренция гIаларчу ADMAX набахтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG