Нохчийчуьрчу школийн куьйгалхошна бераш дIасалело 91 автобус дIаелла республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, леррина цу Iалашонца вовшатоьхначу гуламехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" сайто. Царна юкъахь ю УАЗ а, ФОРД а, ГАЗель а жима автобусаш а, ткъа иштта КАВЗ а, ПАЗ а автобусаш а. Уьш эцна федералан программехула.
Республикерчу дешаран министраллан векло Муртазов Хаважа хьалхо бинчу хаамца, карарчу хенахь республикехь дешархой дIасалелош ю 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь федералан центро яийтина йолу 130 сов автобус. Кадыровс дIасаеккъарш ца йийцича Нохчийчуьрчу школашна бераш дIасалелон кхачо ян оьшург яра 144 автобус.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!