ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн хоккеист ловзур ву Москох "Динамохь"


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Москох "Динамо" хоккейн клубо цхьана шаранна лерина барт бина форвардца (тIелатархочуьнца) Раисов Асланца. Иза ловзур ву цуьнан коьртачу тобанехь. 27 шо долу спортхо вевзаш ву Нохчийчуьра хьалхара хоккеист санна.

Раисов вина Нохчийчохь, амма тIом баьлча Москох дIабахана хилла церан доьзал. Цигахь дуьххьара ловза волавелла иза берийн хоккейх. 14 шо долуш РаисовгIара баха хевшина Казанехь. Цу гIалахь "Ак Барс" хоккейн школе лелла Раисов.

Москох "Динамо" 12-чу меттехь ю КХЛ олучу Оьрсийчуьра а, Белорусера а, Казахстанера а, Китайра а, Латвера а, Словакера а, Финляндера а тобанаша Гагаринан цIарх кубок къовсучу лигехь. Ерриг а цу турнирехь дакъалоцуш ю 26 тоба.

Раисов "Динамохь" тIелетарг хирг хиларх лаьцна хаам бу цу клубан официалан сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG