ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн вежарех лаьцна видео ю ББС-н Оьрсийн сервисан сайта тIехь хьалхарчу меттехь


Дулатов Ислам.
Дулатов Ислам.

ББС-н (British Broadcasting Corporation) Оьрсийн сервисан сайта тIехь видеошна юкъахь уггаре а дукха нах хьажнарг ю нохчийн вежарех ДулатовгIерах лаьцнарг. Цуьнан цIе ю "Топ-модель по-чеченски: как братья Дулатовы покоряют мировые подиумы" (Нохчашкахула топ модел: дуьненера подиумаш муха дIалоцу вежарша ДулатовгIара)

Вежарий ДулатовгIар - Джабраил, Сулумбек, Ислам, Тамерлан - берfш долуш дIабигина дас-нанас Нохчийчуьра. Немцойн Дюссельдорфехь моделан бизнесехь болх беш бу уьш хIинца. Цара цхьаьна къахьоьгу дуьненера уггаре тоьллачу дизайнершца.

Маршо Радионо хьалхо дийцира цу веа вешех цхьаннах – Исламах лаьцна.

Парижехь божарийн духарш гойтучу модан барамехь уггар тIаьхьало йолчу моделийн тептаре ваьлла ву Дулатов Ислам

Шина кастинг-директоро Деркан Шеллис а (Loewe, Salvatore Ferragamo, Issey Miyake), Брокау Эшлис а (Vogue, Prada, Louis Vuitton, JW Anderson) гучудаьккхина шайн уггаре а керлачех бевллачу моделийн хIоттийна тептар. Цу юкъахь ву Дулатов Ислам а.

Ткъа вежарех уггаре воккхаха волу Джабраил (24 шо) кхиъна Alexander McQueen, Diesel, Gucci кхин йолчу а брэндийн гайтамашкахь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG