ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бенан чохь ча йийна Иркутскерчу губернаторо. Прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийна


Левченко Сергей.
Левченко Сергей.

Иркутскан кIоштан прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийна бенан чохь йижина Iуьллу ча ер бахьана долуш. Цуьнан бахьана ду интернетехь яьржина видео. Цу тIехь меттигера губернатор Левченко Сергей ву чен бенан чу топ етташ, цу чохь дIайижина ча а йолуш.

Инарлан прокуратуран сайта тIехь хаам бу, низамашца доцу таллар динарш "муьлш бу ца хуу нах" бу аьлла. Царна юкъахь Левченко хилла бохург толлуш ду шаьш боху прокуратурехь.

Ша Левченкос чIагIдо, низамаш лардон органашна ша цхьа а низам дохош дина хIума ца карийна бохуш.

Видеонна тIехь гуш ду Левченкос чен бенан чу топп етташ. Ткъа цунна гонаха бевллачара олу, цо коьртах топ тоьхна ча йийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG