2018-чу шарахь 386-зза цIе яьлла меттиг нисйелла Нохчийчохь. Цу бохамашкахь цIеяйархойн аьтто баьлла 344 стаг кIелхьарваккха. Динчу зен барам бу 96 миллион сом.
Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан орцаллан министраллан Нохчийчуьрчу коьртачу урхаллан хьаькамо Яхьяев Руслана, яздо "Нохчийчоь тахана" сайто.
Уггаре дукха цIе яьлла меттигаш нисбелла адамаш дехачу хIусамашкахь. ЦIе яларан коьрта бахьанаш ду Нохчийчохь лар ца луш цIе лелор а, газ ягон пеш оьшучу кепехь ца лелор а, тоькан гIирс галбалар а.