ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лукашенкос диъ гали картолаш а, дума а бахьийтина Путинна


Лукашенко Александар.
Лукашенко Александар.

Беларусин президенто Лукашенко Александара шен бешахь кхиийна 4 гали картолаш а, ткъа иштта дума а бахьийтина Путин Владимирна керлачу шарца декъал веш.

Цунах лаьцна хаам бина Лукашенкон зорбанан секретаро Эйсмонт Натальяс. Цо дийцарехь, юьйцурш ю тоьлла дикалла йолу картолаш. ХIора гали чохь ша-тайпа картолаш ю, тайп-тайпана кхача кечбеш лелор Iалашонца кхиийна йолу.

Йозуш йоцучу Пачхьалкхаийн ДоттагIаллана (СНГ) юкъахь йолчу кхечу пачхьалкхийн лидершна Лукашенкос совгӀатна яхьийтина куьйга йина базан диттана тIеухку ловзо хӀуманаш. Путина хIун яийтина Лукашенкона дуьйцуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG